Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Адаман кІант, Машах а, Тубал а цІераш йолчу меттигийн МагІогІ-махкарчу коьрта эла волчу ГІогІехьа дІа а верзий, цунна дуьхьал вистхила. Соьгара болу хаам а беш, дІаала цуьнга: „Везачу Эло иштта боху: ‘Ва ГІогІ, Машахан а, Тубалан а коьрта эла волчу хьуна дуьхьал ву Со! Ас юхаверзор ву хьо. Хьан мочхална юккъе мІерий а дехкина, Ас аравоккхур ву хьо а, дерриг а хьан эскар а – кхоччуш тІамана кечбелла болу дошлой а, говраш а. Иза вуно йоккха эскархойн тоба хир ю. ТІемалой даккхий а, жима а турсаш долуш хир бу, карахь тарраш а долуш.
Выбор основного перевода