Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма шун харцонаша шуна а, шун Далла а юккъе херо ялийтина. Аша летийначу къиноша Цуьнан юьхь шуьгахьара дІаерзийтина, ткъа цу бахьаненна Цунна шу ца хеза! Сан халкъана дуьхьал мел кхеттарг, царна вонаш деш вара. Церан мостагІаша бохура: „Тхо бехке дац, хІунда аьлча цара Везачу Элана дуьхьал къинош летийна. Веза Эла церан бакъйолу Іаш йолу меттиг ю, ткъа Цунах церан дай тешна Іаш бара“. Цундела вистхила Исраилан халкъе, адаман кІант. ДІаала цуьнга: „Хьалдолчу Эло иштта боху: ‘Суна тешаме а ца лелаш, кхин ишттачу тайпана а Со дола хийтира шун дайшна. Цара Іанийна цІий бахьана долуш а, иштта шайн цІушца хІара латта цара бехдина дела а, Ас Сайн оьгІазалла царна тІе яссийна. Аса уьш кхечу къаьмнашкахула дІаса а даржийна, кхечу мехкашкахула дІаса а кхиссина. Ас, цара лелийна долчу гІуллакхашка хьаьжжина, кхел йина царна. ТІаккха уьш кхечу мехкашка дІабахара, амма цигахь а цара Сан еза цІе сийсазъяьккхира, хІунда аьлча цигарчу халкъаша бохура: „Иза – Везачу Элан къам ду, амма Цуьнан лаьтта тІера арадала дезаш хили иза“. Ас язйийр ю Сайн сийлахь цІе, кхечу къаьмнашна юкъахь бехйина йолу – аша и цІе царна юкъахь бехйинера. Оцу къаьмнашна хуур ду, Со Веза Эла хилар, – боху Хьалдолчу Эло, – шуьгахула Аса Сайн возалла царна хьалха гайтича. Шаьш цхьа а кхерам а боцуш машаре даха хевшича, уьш юьхьІаьржачу хІиттина лелар а бу, Суна шаьш схьагайтина долу шайн тешаме цахилар а лелош. Ас кхин цкъа а царах Сайн юьхь къайлайоккхур яц, хІунда аьлча Ас Сайн Синан Іаь тухур ю Исраилан халкъана тІе». Иштта боху Хьалдолчу Эло.
Выбор основного перевода