Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ярушалайм-гІалано дуьненан массо а къаьмнашна хьалха Суна гІарадаккхар а, хазахетар а, хастам а, сий а доккхур ду, Айса цунна мел дина дика царна хезча. Ларамах а буьзна, уьш бегош хир бу, Аса цунна ден долу дика а, аьтто а шайна дІагича“». ДІаала цуьнга, Хьалдолчу Эло хІара боху алий: „ЦІадан-гІала, Со хьуна дуьхьалвер ву. Хьуна чохь Со гІаравер ву. Ас шайна кхел йинчул тІаьхьа а, Сайн возалла шайна юкъахь Аса гучуяьккхинчул тІаьхьа а, хуур ду хьан адамашна, Со Веза Эла вуйла.
Выбор основного перевода