Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иза Аса Сайна лаьттахь дІаюьйр ю, „Къинхетам ца биначух“ къинхетам бийр бу Аса. „Сайн доцучу халкъе“ Аса эр ду: „Хьо Сан халкъ ду“. Ткъа цо: „Хьо сан Дела ву!“ – эр ду». Ялта дуьйр ду сашортехь. Кемсийн гаьннаша а шайн стом лур бу. Лаьтто а ша кхиийнарг схьалур ду. Стигалша а лур ду шайн тхиш. И дерриг а Ас хІокху дисинчу халкъана дІалур ду. Іуьно шок тохарца санна хаам а бина, Ас уьш схьагулбийр бу. Мах а белла, Ас паргІатбохур бу уьш. Хьалха санна, шортта хир бу уьш.
Выбор основного перевода