Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Декъала ву Везачу Эло бехке веш воцу а, шен синца мекарло йоцу а стаг! Ас царна токхе долу ялта дІаден латта лур ду. Кхин мацалла ловр яц цара, кхечу къаьмнашкара кхардар а хир дац царна. Цу дийнахь иштта хир ду, – боху Везачу Эло, – Аса стигалан дехарна жоп лур ду, цо а лаьттан дехарна жоп лур ду. Ткъа ялтин а, чагІаран а, даьттанан а дехарна лаьтто жоп лур ду, ткъа цара „ИзраІал“ – Дала дІадоь – аьлла, жоп лур ду. Везачу Эло, жоп а луш, Шен халкъе элира: «ХІан, Ас лур ду шуна ялта а, чагІар а, зайтдаьтта а. Царах дузуш Іийр ду шу. Ас кхин дІалур дац шу къаьмнаш шух кхардийта. ЭхІ-хІай, мел исбаьхьа а, хаза а хир ду Цуьнан халкъ! КІен ялто а, керлачу чагІаро а, кегий нах а, мехкарий а денбийр бу. «Цу дийнахь къинойх а, сийсазаллах а цІанбалийта Даудан цІенна а, Ярушалайман бахархошна а цхьа хьоста дІаделлалур ду.
Выбор основного перевода