Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иштта Везачу Эло Цийонан догъоьцур ду, цуьнан херцораш юкъахь болчарна синтем а лур бу. Цуьнан яьсса аренаш Іедан-беш санна йийр ю, цуьнан эрна аренаш Везачу Элан беш санна йийр ю. Самукъадалар а, хазахетар а хир ду цигахь, баркаллаш бохур ду, эшарш а лоькхур ю. Дуккха а гаьннаш а делла, Аса иза хаздинера, цундела Іеданера массо а дитташ, Делан бешахь долу массо а дитташ цунах хьоьгуш дара“». Цунна хьалха дерг цІеро дагадо, цунна тІаьхьа дерг алуно морцу. Цуьнан хьалхара латта Іеданан беш санна ду, ткъа цунна тІаьхьарниг – яссийна аре ю. Цунах цхьа а хІума кІелхьардалалур дац.
Выбор основного перевода