Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
тІаккха шун Везачу Дала шун аьтто юхаметтахІоттор бу, шух а къинхетам бийр бу Цо. Шун Везачу Дала, массо а халкъашна юкъа дІасадаржийна долу шу, схьа а гулдина, цхьаьнатухур ду. Везачу Дала шун дайн долахь хиллачу лаьтта тІе схьадалор ду шу. И латта шун дола дер ду. Цо шуна дика мел дерг а дийр ду, шун дайл а дукха шу доьбуьйтур а ду. Амма Везачу Эло боху: «Аса Якъубан тІаьхьенан аьтто юхаметтахІоттор бу, цуьнан мел болчу доьзалх къинхетам а бийр бу. ГІала юхаметтахІоттийна хир ю ша хиллачу гу тІехь, ткъа гІалин гІап шен хьалха хиллачу меттехь лаьттар ю. Хьан йижарех лаьцна аьлча – Седам а, цуьнан зудабераш а, Шамран а, цуьнан зудабераш а – уьш шайн хьалхалерчу хьоле юхаметтахІиттийна хир бу. Иштта хьо а, хьайн зудаберашца хьалхалерчу хьоле юхаметтахІоттийна хир ю. Ас массо а ханна бассор бу хьо, хьан гІаланашкахь вехаш цхьа а стаг хир вац, тІаккха хуур ду хьуна, Со Веза Эла вуйла.
Выбор основного перевода