Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь Ахь исраилхой цхьа стаг санна хІаллакбахь, Хьан сийлаллех лаьцна хезначу халкъаша эр ду: „Везачу Эло, Ша лур бу аьллачу махка тІе а ца дигаделла, яьссачу арахь хІаллакдина и халкъ“, – аьлла. Дагадаийтахьа Хьайна мостагІа Хьайх кхардар, Веза Эла, сонтачу цу халкъо Хьан цІе сийсазъяхар. Сайн цІе бахьана долуш, Ас юхайоккху Сайн оьгІазалла. Суна болу хастам бахьана долуш, хьо хІаллак ца ван Со сецаво Ас. Амма и хІума Ас Сайн цІеран дуьхьа дира, Сайн цІе уьш юкъахь Іийначу халкъашна хьалха ца йожийта, Ас уьш Мисар-махкара арабохучу хенахь дІадовзийтинчу халкъашна юкъахь Сайн цІе ца йожийта. Ва Исраилан халкъ, хьан вочу некъашка а, гамдинчу гІуллакхашка а ца хьожуш, ткъа Сайн цІеран дуьхьа Аса хьо лелийча, хуур ду хьуна, Со Веза Эла вуйла». Иштта элира Хьалдолчу Эло.
Выбор основного перевода