Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Сох лаьцна аьлча, цаьрца болу Сан барт хІара бу, – боху Везачу Эло. – Сан Са а, хьуна тІехь долу, Сан дешнаш а, Ас хьан бага дехкина долу, хьан багара а, хьан берийн а, церан тІаьхьенийн а багара хІинца дуьйна абаденналц дІадевр дац», – боху Везачу Эло. Ас царна шалхо йоцуш долу дог а лур ду, иштта керла са а кхуллур ду Ас царна чохь. Царна чуьра церан тІулган дегнаш дІа а даьхна, царна дилханан дегнаш кхуллур ду Аса. Цу тайпана Сан парзашца лелар бу уьш, Сан тІедехкинарш, лар а деш, кхочушдийр ду цара. Царах Сан халкъ хир ду, ткъа Со церан Дела хир ву.
Выбор основного перевода