Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шун Делан лаамехь хилар я шун догцІеналла бахьана доцуш, и латта шайн дола даккхархьама, доьлхуш ду шу. ХІан-хІан, оцу халкъийн Іесалла бахьана долуш, шун Везачу Дала уьш шуна хьалхара дІалохкур ду, Ша шун дайшка, – ИбрахІиме, Исхьакхе, Якъубе – ваІда деш делла дош кхочушдархьама. Хаалаш, шу Делан лаамехь хиларна кара ца доуьйту шуна шун Везачу Дала и беркате латта, хІунда аьлча шу юхахьара халкъ ду». Амма Цо уьш Шен цІе бахьана долуш кІелхьарбехира, царна Шен нуьцкъалалла дІагайтархьама. Шуна дІахоийла, Ас иза шун дуьхьа дийр доцийла, – боху Хьалдолчу Эло. – ЦІий а луш, юьхьІаьржачу хІуттийла хьо, хьайн некъаш бахьана долуш, Исраилан халкъ“.
Выбор основного перевода