Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІедогІучу деношкахь Якъубан тІаьхьено, орамато санна, орамаш арахоьцур ду, Исраилан къомо заза доккхур а ду, дерриге а латта стоьмех хьаладузур а ду. Аса юха а меттахІоттор ду хьо, йоІстаг санна долу Исраилан халкъ, хьо юхаметтахІоттийна а хир ду. Ахь юха а жиргІанаш еттар ю, самукъане хелхар а деш, хьо лелар ду. Ахьа юха а Шамран-махкарчу лаьмнашкахь кемсийн бошмаш кхиор ю, ткъа кемсаш лелош болчара шаьш кхиийначу кемсех шайна пайда а оьцур бу. Цхьа де догІур ду, гІаролхоша Эпрайм-лаьмнашкара дІакхайкхор деш: „ХьалагІовтта, вайн Веза Дела волчу, Цийон-лам тІе хьаладевр ду вай“». Исраил-мехкан лекхачу лам тІехь дІадугІур ду Ас иза. Цу гаьннах доккха дитт хир ду, цунна тІехь стоьмаш а кхуьур бу. Цунах исбаьхьа хаза дитт хир ду, цуьнан гаьннаш юкъахь тайп-тайпана олхазарш хир ду, уьш цуьнан ІиндагІехь Іийр ду. Цундела ладогІа, Исраил-мехкан лаьмнаш, Хьалдолчу Элан даше. Цо боху лаьмнашка, гунашка, Іаннашка, тогІешка, йохийна лаьттачу меттигашка, иштта шуна гонах долчу кхечу къаьмнашна ижуна хиллачу а, церан кхардам хилла дІахІиттийначу а яьсса лаьттачу гІаланашка’.
Выбор основного перевода