Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Іожалла гуттаренна а дІакхоллур ю Цо. Хьалдолчу Эло массеран а яххьаш тІера бІаьрхиш дІадохур ду. Дерриге а дуьнен тІехь Шен халкъ емалдар дІадоккхур ду Цо. Иштта боху Везачу Эло. Шайн Везачу Делан сий де, Цо бода тІебаийтале, маьркІажехь долчу гунаш тІехь шайн когаш тийсабалале. Аша серлоне сатуьйсу, амма Цо цунах Іаьржа бода бийр бу. Айхьа Іанийна долу цІий бахьана долуш, ахьа хьо бехке йина, айхьа бина цІуш бахьана долуш, хьо Суна хьалха бех а йина. Хьан тІаьххьара де тІекхаьчна, хьан заманан чаккхе уллоеана. Цундела Ас кхидолу къаьмнаш хьох кхордуьйтур ду, массо а мехкаш хьох доьлуьйтур ду. Ас царна токхе долу ялта дІаден латта лур ду. Кхин мацалла ловр яц цара, кхечу къаьмнашкара кхардар а хир дац царна.
Выбор основного перевода