Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьан халкъо юхаметтахІиттор ю шира херцораш, юха а дІахІиттор ду дуккха а тІаьхьенаша дитина цІенойн баххаш. Хьох пенаш тодеш верг а, херцийна урамаш, цигахь Іархьама, юхаметтахІиттош верг а эр ду». Шуна тІехь долу адамаш совдохур ду Аса. Иштта шуна тІехь дерриг а Исраилан халкъ хир ду. Дохийна мел дерг юхаметта а хІоттийна, гІаланаш а адамех хьалаюзур ю. Ас шуна тІе цІена хин цинцаш деттар ду, тІаккха шайн мел йолчу боьхаллех цІан а лур ду шу. Шун массо а цІуйх Аса цІандийр ду шу. Массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: „Сайн долу халкъ Ас кІелхьардоккхур ду малхбалерчу а, малхбузерчу а мехкашкара. Ас схьа а балийна, Ярушалаймехь бехар бу уьш. Царах Сан халкъ хир ду, ткъа Со церан Дела хир ву. Уьш нийсонца лелар бу, ткъа Со царна тешаме хир ву“.
Выбор основного перевода