Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІунда аьлча шун Веза Дела – Иза массо а хІума ягийна дІайоккхур йолу цІе ю, Иза эмгаралла йолу Дела ву. «Шу, сакъералуш, ирсе лелаш дара, Сан латта дІалацарна. КІа оруш долу дуьхьарг санна, сакъералуш а, кхиссалуш а дара шу, тІемалойн говраш санна, терсаш дара шу. Хьалдолчу Эло боху: ‘Ярушалайм хІаллакьхилар бахьана долуш тІараш детташ, когаш бетташ, Исраил-махках даггара кхаьрдаш, шу сакъералуш хиларна, Хьалдолчу Эло иштта боху: «ЯхІудан халкъана къиза бекхам барна, Эдоман къомо шех доккха къа а латийна, иза чІогІа бехке а хилла. И хІума бахьана долуш, – боху Хьалдолчу Эло, – Ас Сайн куьг дІакховдор ду Эдомна дуьхьал, цуьнан халкъ а, дийнаташ а хІаллакдийр ду. Теманна тІера Дадданна тІе кхаччалц Ас цуьнан мохк бассор а бу, массо а туьро хІаллаквина а хир ву. Сан къам долчу Исраилан халкъан гІоьнца Ас бекхам бийр бу Эдомна. ТІаккха цара Сан оьгІазвахаре а, Сан дера хиларе а хьаьжжина, хІума дийр ду цигахь. ТІаккха бевзар бу царна Сан бекхам», – иштта боху Хьалдолчу Эло. Со бахьана долуш воккха ма ве, сан мостагІа! Со охьавоьжнехь а, хьалагІоттур ву. Со боданехь велахь а, Веза Эла суна серло ю.
Выбор основного перевода