Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иза иштта хир ду, Хьалдолчу Эло Цийонан зударий цІена ца хилар дІадаьккхича, Ярушалайм цунна тІерачу цІийх дІацІанйича. Цо иза дийр ду кхел яран а, цІеран а синца. Ас хи доссор ду хьогах долчу лаьттана, татолаш хоьцур ду екъачу аренашка. Ас Сайн Деза Са хьан берашна тІе доссор ду, Сан декъалдар хоьцур ю хьан тІаьхьенашка. Суна дуьхьал цара мел летийначу къинойх Аса цІандийр ду уьш, ткъа Сайна дуьхьалбовларца цара мел лелийнарг Аса царна гечдийр ду. Цара шаьш кхин бехдийр дац шайн цІушца а, я шайн дегазчу гІуллакхашца а, я шаьш мел летийначу зуламашца а. Ас массо а къинойх кІелхьара а даьккхина, цІандийр ду и къам. Царах Сан халкъ хир ду, ткъа Со церан Дела хир ву. «Цу дийнахь къинойх а, сийсазаллах а цІанбалийта Даудан цІенна а, Ярушалайман бахархошна а цхьа хьоста дІаделлалур ду. ЦІеначу дагаца, чІогІачу тешарца Далла гергахьа кхочийла вай, цинцаш тохарца вайн дегнаш бехк тІелацарх цІан а дина, вайн догІмаш цІеначу хица а дилина.
Выбор основного перевода