Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Аренан массо а акхарой, схьаюьйла! Хьуьнан массо а акхарой, схьаюьйла, дІадаа! «Адаман кІант, исраилхойн Іушна дуьхьал Соьгара болу хаам бе. Соьгара болу хаам а беш, дІаала цаьрга: „Къа ду шун, исраилхойн Іуй! Шу шайн жа дажо дезаш дац те? Амма аша шаьш-шайн бен ца дажадо! Шайна тІехь Іу воцу дела, и уьстагІий дІасадаьржира, цул тІаьхьа уьш хІора экханан ижу хилла дІахІоьттира. Сан уьстагІий лаьмнашкахула, лекхачу гунашкахула дуьйладелла лелаш ду. Дерриг а лаьтта тІехула уьш дІасадаржийна ду, ткъа цхьаммо а уьш леха а ца лоьху, уьш каро а ца гІерта“. Суна хаьа, со шуна юкъара дІавахча, дерачу берзалоша, чу а яьхкина, бажа кхоор бац.
Выбор основного перевода