Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Даудан назма. Веза Эла сан Іу ву. Суна мел оьшуш дерг хир ду сан. Цо сийначу бай тІехь дІа а вижаво, тийначу хи тІе а вуьгу со. ТІаккха сан халкъ машаречу хІусамашкахь Іийр ду, кхерам боцучу цІеношкахь а, паргІато йолчу садоІучу меттигашкахь а. Цо Іалашдийр ду Шен жа, Іуьно санна. Іахарий караоьцур ду Цо, уьш Шен дага уллохь лелор ду. Узуш дерш а лерина Іалашдийр ду Цо. Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: «Адамаш а, дийнаташ а доцучу хІокху бассийначу махкахь а, оцу мехкан массо а гІаланашкахь а юха а дежийлаш хир ю, жаІушка шайн жашка цигахь садаІийтархьама. Сан махкахь болчу безачу лам тІехь, лекхачу Исраилан лам тІехь, – боху Хьалдолчу Эло, – Суна гІуллакх а деш, лелар ду дерриг а Исраилан халкъ. Ас цигахь хазахетарца тІеоьцур ду шу. Цигахь Со хьоьжур ву аша Суна лерина мел долчу хІумане а, шун тоьллачу сагІанашка а, шун дезачу совгІаташка а. Иштта боху Хьалдолчу Эло: «Шаьш дІасадаржийна долчу къаьмнашна юкъара Айса Исраилан халкъ схьагулдича, Аса Сайн возалла гойтур ю массо а халкъашна хьалха. ТІаккха Исраилан халкъан бахархой шайн долахь болчу а, Аса Сайн ялхо волчу Якъубана белла болчу а махкахь Іийр бу. Уьш цу тІехь цхьанххьара а кхерам боцуш бехар бу, цара цІенош а дийр ду, кемсийн бошмаш а югІур ю. Уьш кхерам боцуш Іийр бу, царна кхиссарш еш хиллачу, царна гонахарчу массо а къаьмнашна тІехь Ас кхел йича. ТІаккха хуур ду царна, Со церан Веза Дела вуйла». Со ков ду. Милла а Сох чуваьлларг кІелхьарвоккхур ву. Иза ладогІарца чу-ара а вер ву, цунна дежийла а карор ю.
Выбор основного перевода