Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ас шен хеннахь догІанаш доуьйтур ду шуна, тІаккха лаьтто ялта а, арарчу дитташа шайн стоьмаш а лур бу. Цу дийнахь Мисаран а, Ашуран а къоман даржехь Исраилан къам а хир ду. Уьш декъалдар хир ду дерриге а дуьненна. буьгур бу Ас Сайн безачу лам тІе. ДоІанаш дечу Сайн цІа чохь хазахетар дийр ду Ас царна. СагІа доккхучу Сан кхерча тІехь дохуш долу дийнаташ дагоран а, кхидолу а церан сагІанаш тІеоьцур ду Ас, хІунда аьлча Сан цІа доІанаш ден цІа олуш хир ду, массо а къаьмнашна лерина долу. Даккхийде шу а, Цийонан кІентий, сакъералуш хила шайн Веза Дела шуьца хиларна. Цо оьшшучу барамехь дІаделира шуна догІа. Цо, хьалха санна, даийтира шуна хьалххе хуьлу а, тІаьхьа хуьлу а догІа. Хьалхалерчу заманахь кхечу къаьмнех болчу наха, неІалт а кхайкхош, ЯхІудан а, Исраилан а халкъ хьахадора. Амма хІинца Ас шун аьтто бийр бу, нахана шу декъалдинарш хетар а ду. Ма кхералаш, чІагІлойла шун куьйгаш!“
Выбор основного перевода