Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Асайпан хьехаме назма. ЛадогІа ас хьоьхучуьнга, ва сан халкъ, сан багарчу дешнийн тидам бе. Сан багахула ас хьекъале хІуманаш дуьйцур ду, ширачу заманашкара хІетал-металш а далор ду. Тхуна иза хаза а хезнера, довза а девзинера, вайн дайша иза тхуна дийца а дийцинера. Тхайн берех иза къайла а доккхур дац. Хинйолчу тІаьхьене оха дІадуьйцур ду Везачу Элан сийлахь гІуллакхех лаьцна, Цуьнан ницкъах а, Цо динчу тамашийначу хІуманех а лаьцна. Цо Якъубан тІаьхьенна бакъонаш дІахІиттийра, Исраилан халкъана товрат-хьехам дІабелира. Тхан дайшна тІедиллира Цо шайн берашна цаьрга иза дІадовзийтар. Цу тайпана тІейогІучу тІаьхьенна иза хуур дара, дуьнен чу бовлучу наха шайн берашна иза дІадуьйцур а дара. ТІаккха адамашна юкъахь Делах тешар дахлур дара, Цуьнан гІуллакхаш диц а лур дацара, дерриг а халкъо Цуьнан весеташ лардийр дара. Уьш шайн дайх тера хир бацара, аьрха а, муьтІахь боцуш а, шайн дегнашца Делах ца тешаш а, шайн синца Цунна тешаме боцуш а. Эпраймхойн карахь секхаІедаш хиллехь а, тІом бечу дийнахь уьш дІа ма бевдира. Делаца бина барт лар ца бора цара, Цуьнан товрат-хьехамца баха а ца лиира царна. Царна дицделлера Цуьнан гІуллакхаш, Цо гайтина долу тамашийна хІуманаш а дицделлера царна. Мисар-махкахь, ЦоІан олучу кІоштахь, церан дайн бІаьргашна хьалха гайтира Цо тамашийна хІуманаш. Эрзийн хІорд дІаса а беккъа, цу юккъехула чекхбехира Цо уьш, ткъа хиш, пенаш санна, лаьтташ дара. Дийнахь – мархица дІабуьгура уьш Везачу Эло, ткъа буьйса дІаяллалц – цІеран серлонца некъ гойтура царна. Яьссачу аренгахь Цо, тархаш екъа а екъна, кІоргачу хІорда санна шортта хи царна лора. Тархах Іовраш Цо охьайолаялийтира, татолаш санна, хиш а дІасадаьржира. Амма уьш Цунна дуьхьал къинош леточуьра ца совцура, яьссачу аренгахь Веза Воккхачунна дуьхьал а гІуьттуш. Шайна Иза вевззашехь, Дела зуьйш бара уьш, шайна безаш болу кхача а боьхуш. Далла дуьхьал къамелаш а деш, цара бохура: «Яьссачу аренгахь кхача кечлур буй те Деле? Цо тархах тоьхча, хи охьадоладелира, Іовраш санна, шортта хи охьадеара. Амма тхуна кхача балалур буй те Цуьнга? Шен къомана жижиг далалур дуй те Цуьнга?» Везачу Элана иза дІахезча, оьгІазаллин цІе латийра Цо Якъубана дуьхьал, дераллин цІе Исраилан халкъана тІехьажийра Цо, Делах долу тешар церан ца хиларна а, Цуьнан кІелхьардахарх уьш тешна ца хиларна а. ТІаккха, мархашна омра а дина, Цо стигалан неІарш дІайиллира, Цо кхачанан буьртигаш царна тІе диссийтира, догІа санна, стигалара кІа царна дІаделира. Маликийн бепиг дууш дара адамаш, Цо иза царна уьш буззалц делира. Стигалахь Цо малхбалехьара мох карзахбаьккхира, иштта къилбехьара мох а Шен ницкъаца карзахбаьккхира. Цо, чан санна, жижиган догІа даийтира царна тІе, хІорда йистера гІум санна, дукха олхазарш а гІовттийра. Церан четаршна гонах охьа а оьгуьйтуш, Цо олхазарш церан меттаматтана тІе дахкийтира. Цара шаьш дуззалц биира и кхача, хІунда аьлча лиънарг дара Цо царна делларг. Амма шаьш лиънарг уьш дІайиъна а бовлале, и кхача церан багахь болчу хенахь, царна Дела оьгІазвахара, Цо церан тоьлла берш а байира, исраилхойн кегийрхой а хІаллакбира. И дерриг а хилла доллушехь, цара кхидІа а къинош летадора, уьш Цуьнан тамашийна гІуллакхех а ца тийшира. Церан дахаран чаккхе Цо эрна хилийтира, церан оьмаран шераш Цо кхерамехь чекхдехира. Цо царах цхьаберш мосазза хІаллакбо, царах болчу кхечара Иза лоьхура. Уьш Далла тІе а боьрзура, даггара Цуьнга а хьоьжура. Царна дагадеара, Дела – шайн тарх хилар а, Веза Воккха Дела шаьш ПаргІатдохург хилар а. Шайн баганашца уьш Цунна хьесталора, шайн харцматтаца Цунна хьалха бакъ доцург дуьйцура цара. Церан дегнаш Цунна тІедирзина дацара, Цо бинчу бартана уьш тешаме бацара. Амма Къинхетаме волчу Цо, церан къиношна геч а дора, уьш хІаллак а ца бора. Дукхазза а Шен оьгІазвахар царна тІера дІа а доккхура Цо, Шен дераллина некъ а ца лора. Цунна дагахь лаьттара, уьш адамаш хилар, юха ца доьрзуш долу садеІар бен цахилар. Яьссачу аренгахь хийлазза Иза оьгІазъоьхуьйтура цара, акхачу аренгахь хийла дог дохадора цара Цуьнан! Цара юх-юха а Дела зуьйра, Исраилан Везаниг оьгІаз а вохуьйтуш. Царна Цуьнан ницкъ болуш хилар дага ца догІура, Цо шаьш мостагІех кІелхьардахаран де а дицделлера царна. Царна дицделлера Мисар-махкахь Цо шайна Іаламаташ дар, иштта ЦоІан-кІоштахь царна тамашийна гІуллакхаш гайтар. Мисархойн хиш Цо цІийх хьаладуьзира, цаьрга хи ца малийтархьама. Царна тІе жІаьлийн мозий хийцира Цо, уьш дІакхаллийтархьама, иштта пхьидарчий а тІехийцира, уьш хІаллакбайтархьама. Церан ялта цо цаьпцалгашна дІаделира, иштта церан кхаш цІазана дІаделира. Церан кемсашна тІе къора туьйхира Цо, церан инжиран дитташ а шаца хІаллакдира. Церан дохнна Цо къора туьйхира, церан бажа стелахаьштигна дІабелира. Шен оьгІазаллин цІе хьажийра Цо царна тІе, хІаллакдаран геланчийн жІуга санна, дералла а, эргІаддалар а, халонаш а йоуьйтуш. Цо Шен оьгІазаллина некъ баьккхира, цхьа а стаг Іожаллех кІелхьар а ца ваьккхира, церан дахар Іожаллин уьнна дІаделира. Мисар-махкахь Цо массо а хьалха вина доьзалхо валийтира, церан ницкъо дуьххьара кхуьуьйтург Хьамин четаршна чохь хІаллакбира. Шен халкъ Цо, жа санна, арадаьккхира, Цо уьш, уьстагІий санна, яьссачу аренгахула дуьгура. Цо уьш маьршабахарна, уьш къар ца белира, ткъа церан мостагІий хІордо къайлабехира. Халкъ схьадалийра Цо Шен дезачу лаьтта тІе, аьтту куьйгаца Ша баьккхинчу лаьмнийн махка тІе. Хийра халкъаш царна хьалхара дІалаьхкира Цо, церан латта Шен халкъана дІа а кхочуьйтуш. Исраилан халкъ шайн хІусамаш чохь даха хаийра Цо. Амма уьш Дела зуьйш дІабуьйлабелира, Везачу Воккхачунна дуьхьалгІевттира, Цуьнан бакъонаш лар а ца йора цара. Шайн дай санна, уьш а Делах дІабирзира, иштта тешаме боцуш а лелара. Уьш харц секхаІад санна хилира. Шайн сагІа доккхучу гунашца Иза оьгІазъоьхуьйтура, шайн цІушца Цуьнан эмгаралла меттахйохура. Уьш Шена дІахезча, Дела оьгІазвоьдура, Цо Исраилан халкъ кхоччуш дІатоттура. Цо йитира Шилунера Шен хІусам, Ша адамашна юкъахь Іийна долу четар. Шеца бинчу бертан тІорказ Цо йийсаре дІаделира, Шен сийлаллин билгало мостагІийн кара дІаелира. Цо туьран кара дІаделира шен къам, Шен долахь болчарна Иза оьгІазвахара. ЦІеро церан къона божарий дІакхоллура, зудаберашна маре дигаран эшарш а ца лоькхура. Церан динан дай туьро хІаллакбора, ткъа бисина болу зударий уьш бахьана долуш белха а ца боьлхура. Амма Хьалдолу Эла меттавеара, набарх ваьлча санна, Иза меттавеара, маларо карзахваьккхина турпалхо санна. Цо Шен мостагІий юхаберзийтира, царна тІе даима эхь а даийтира. Юсупан тІаьхье дІатеттира Цо, Эпрайман тайпа а ца хаьржира. ЯхІудан тайпа къобалдира Цо, Шена безабелла болу Цийон-лам а хаьржира. Лекхачу стигалахь йолу Шен шахьар санна, Цо Шен еза меттиг йира цигахь. Латта санна, Цо иза массо а ханна чІагІйира. Цо Шен ялхо волу Дауд хаьржира, иза дежийлашкара схьа а ваьккхира. Цо иза уьстагІий Іалашдечуьра схьаваьккхира, цуьнга, Іуьне санна, Шен Якъубан халкъ дажадайта, Шен долахь долу Исраилан халкъ цуьнга Іалашдайта. Дауда уьш цІеначу дагца Іалашбора, Цо и къам говзачу куьйгашца дуьгура. Цо Іалашдийр ду Шен жа, Іуьно санна. Іахарий караоьцур ду Цо, уьш Шен дага уллохь лелор ду. Узуш дерш а лерина Іалашдийр ду Цо. Аса цунна тІехь дола дийр долу Іуй дІахІиттор бу. ТІаккха уьш, кхера а ца кхоьруш, къемат а доцуш, лелар бу, царах цхьа а вийна хир вац», – боху Везачу Эло. «ТІекхочуш ю цхьа зама, – боху Везачу Эло, – Аса Даудан тІаьхьенах Сайн лаамехь волу цхьа зІийдаг кхиор йолу. Цо хьекъалца паччахьалла дийр ду, хІокху лаьтта тІехь нийсо а, бакъдерг а лелор ду. Сан ялхо волу Дауд церан паччахь хир ву, царна массарна а тІехь цхьа Іу а хир ву. Уьш Сан тІедехкинаршца лелар бу, цара Сан парзаш, кхочуш а деш, лар а дийр ду. Цул тІаьхьа исраилхой юха а боьрзур бу, шайн Веза Дела а, Даудан тІаьхьенах волу шайн паччахь а лохур ву цара. ТІаьхьарчу деношкахь Везачу Элана хьалха ларамах а, Цуьнан диканах а буьзна хир бу уьш. ТІаккха Цо, хьала а гІаьттина, Везачу Элан ницкъаца а, Шен Везачу Делан цІеран сийлаллица а и халкъаш дажор ду. Уьш кхерам боцуш дехар ду, хІунда аьлча Иза оцу хенахь дуьненан йистошка дІакхаччалц сийлахь хир ву. Со дика Іу ву. Дикачу Іуьно шен са а дІало шен уьстагІийн дуьхьа. Шен цІийца гуттар а болу барт чІагІбина волу вайн Веза Эла Іийса, уьстагІийн сийлахь Іу, веллачуьра денвинчу, синтем болчу Дала,
Выбор основного перевода