Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу дийнахь Везачу Эло кхиийначу зІийдаго хазалла а, сийлалла а лур ю. Лаьттан ялто дозалла а, сий а лур ду Исраилан халкъах дийна бисинчарна. Юшайн юьхках зІийдаг хьалаер ю, цуьнан орамех га схьадер ду. Цундела, Соьгара болу хаам а беш, дІаала: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘МостагІаша, шуна массо а агІор го а бина, шу дассийна, ткъа хІинца шу кхечу къаьмнийн карахь а ду, наха шух лаьцна луьйш, мотт бетташ а бу. Цундела, Исраил-мехкан лаьттах Соьгара болу хаам а беш, дІаала цуьнан лаьмнашка а, гунашка а, Іаннашка а, тогІешка а: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Ас Сайн карзахваларца а, оьгІазвахарца а дІабохуш ду хІара, хІунда аьлча кхин къаьмнаш шух кхаьрдаш хилла’“. Ас шайн боьха хиларх мукъадохур ду шу, Аса кІа схьакхойкхур ду, ткъа иза дебор а ду, шуьга мацалла а хьоьгуьйтур яц
Выбор основного перевода