Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Вайн Іуйшкахь кхетам кІезиг бу – уьш Везачу Элах дага ца бовлу. Цундела царна тІера беркат дІадирзина, церан массо а жа дІасадаьржина. «Декъаза бу, Сан уьстагІий хІаллак а деш, дІаса а лоьхкуш лелаш болу Іуй», – боху Везачу Эло. „Дийна волчу Сайх чІагІо йо Ас, и Сан уьстагІий акхаройн ижу хилийта Іуналла ца деш аша дитарна а, уьш, тІехь Іу а воцуш, хІора аренгарчу экханан даар хилла дІахІиттарна а, ткъа Сан Іуша уьш схьа ца лахарна а, цара уьш, дажоран метта, шаьш дежаш леларна а, и дерриг а хІума бахьана долуш, Іуй, Везачу Элан даше ладогІа! Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Со цу Іушна дуьхьалваьлла, Ас уьш Сайн жа бахьана долуш жоьпе озор бу. Ас уьш Сайн жа дажочуьра совцор бу. Цара шаьш кхидІа иза дажор дац. Ас Сайн жа церан мочхалех кІелхьардоккхур ду. Сан уьстагІий церан даар хилла кхин дІахІуьттур дац’“». Аса дикачу бай тІехь Сайн уьстагІий дажор ду, ткъа Исраил-мехкан лекхачу лаьмнашкахь царна дежийлаш хир ю. Цигахь уьш дикачу дежийлашкахь садоІуш хир ду, ткъа Исраил-мехкан лаьмнашкахь, токхечу бай тІехь, уьш дежаш а лелар ду. Со-Со хир ву Сайн уьстагІий дажош а, цаьрга садоІуьйтуш а». Иштта боху Хьалдолчу Эло. Декъаза ву Сан телхина Іу, жа дуьтуш волу! Тур цуьнан аьтту куьйгана а, аьтту бІаьргана а тухийла. Цуьнан куьг кхоччуш заьІап хуьлда, аьтту бІаьрг а кхоччуш бІаьрса доцуш буьсийла». Со дика Іу ву. Дикачу Іуьно шен са а дІало шен уьстагІийн дуьхьа. Уьш яа хІума йиина бевлча, ШамІа-Кипе Іийсас элира: «Яхьъян кІант ШамІа! Царначул сов кІорггера везий те хьуна Со?» Кипас элира: «ХІаъ, Веза Эла, Хьуна хаьа, суна Хьо везий». ТІаккха Іийсас элира Кипе: «Сан Іахарий дажаде ахьа». ТІаккха юха шозлагІа а элира Іийсас Кипе: «Яхьъян кІант ШамІа, кІорггера везий те хьуна Со?» Кипас жоп делира: «ХІаъ, Веза Эла, Хьуна хаьа, суна Хьо везий». Іийсас элира цуьнга: «Сан уьстагІийн Іу хила хьо». КхозлагІа а элира Іийсас: «Яхьъян кІант ШамІа, везий те хьуна Со?» Кипина халахийтира, шега Іийсас кхозлагІа а хаьттича: «Везий те хьуна Со?» – аьлла. ТІаккха Кипас элира Цуьнга: «Веза Эла, Хьуна дерриг хаьа. Хьуна хаьа, суна Хьо везий». Іийсас элира Кипе: «Сан уьстагІий дажаде ахьа. ХІинца кхозлагІа а шу долчу ван кийча ву со. Аса бала бийр бац шуна сайх. Шуьгара хІумма а ца доьху аса, ткъа шу лоьху. Бераш дац шайн дена-нанна бахам бан дезаш, амма дас-нанас шайн берашна бан беза иза. Шун бертан пхьорашкахь цу наха шу юьхьІаьржачу хІиттадо. Эхь ца хеташ, шуьца шуьнехь Іаш бу уьш, амма шайн бен бала хир бац церан. Мохо лело, догІа доцу мархаш ю уьш, стом боцу гуьйренан дитташ ду, шаьш лаьттах орамашца схьадахарна шозза делла долу.
Выбор основного перевода