Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шун махкахь машар хІоттор бу Ас. ПаргІат дІадуьйшур ду шу, цхьаммо а шуна новкъарло йийр яц. Къиза акхарой шун лаьтта тІера дІалохкур ю Ас, тІом шун махкахь кхин могуьйтур бац. ТІаккха борз Іахарца цхьаьна Іийр ю, цІокъ буьхьигна уллохь Іуьллур ду, эса а, къона лом а, дерстина даьхни а цхьаьна хир ду. Жимачу беро лелор ду уьш. Етт стечу ченаца цхьаьна бежар бу, церан кІорнеш цхьаьна Іохкур ю, лоьмо, старо санна, ча дуур ду. Бер лаьхьанан Іуьрга уллохь ловзур ду, цо шен куьг цуьнан бенна тІе кховдор ду. Берриг а Сан безачу лам тІехь зен а, зулам а хир дац, хІунда аьлча, хино хьалабузу хІорд санна, Веза Эла вовзарх хьаладуьзна хир ду латта. Цо олалла дечу деношкахь ЯхІудан халкъ паргІат хир ду, ткъа Исраилан халкъ сашортехь Іийр ду. Цуьнан цІе иштта тиллина хир ю: „Тхуна нийсо лелош волу Веза Эла“. Ас массо а ханна цаьрца машаран барт бийр бу. Ас уьш баха а ховшор бу, дебор а бу, иштта царна юкъахь массо а ханна Сайн еза меттиг дІа а хІоттор ю. Дуккха а денош дІадевллачул тІаьхьа хьо тІом бан тІекхойкхур ву. Хинйолчу заман чохь хьо тІом бинчуьра юхаметтахІоьттинчу махкана тІегІуртур ву. Дуккха а къаьмнашна юкъара оцу мехкан нах гулбинера еххачу хенахь даьсса лаьттина долчу Исраил-мехкан лаьмнашка. Оцу мехкан халкъ кхечу къаьмнашкара арадаьккхинера, ткъа хІинца уьш массо а кхерам а боцуш цу лаьтта тІехь дехаш ду. Цу хенахь Аса барт бийр бу аренийн акхарошца, стигаларчу олхазаршца, лаьттарчу текхаргашца. Іаддий, туррий, тІоммий дІабоккхур бу Аса цу лаьтта тІера. Кхерам а боцуш, баха буьтур бу Аса уьш.
Выбор основного перевода