Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Сайн коьжалгана кІелхула лоьлуьйтур ду Аса шу, иштта Сайца бинчу бертан декхарш кхочуш а дойтур ду. Суна дуьхьалбевлларш а, Суна дуьхьал аьрха лелларш а шуна юкъара схьакъастор бу Ас. Шаьш бехаш болчу махкара Ас уьш арабохур белахь а, уьш цкъа а Исраил-махкана чубогІур бац. ТІаккха хуур ду шуна Со Веза Эла вуйла. Везачу Эло боху: «Сан оьгІазло Іушна дуьхьал карзахъяьлла, бежалошна а Ас таІзар дийр ду. ХІунда аьлча массо а ницкъийн Веза Эла волу Со ЯхІудан халкъ долчу Сайн жена тІехьийзар ву, Аса царах Сайн сийлахь тІеман дин бийр бу. ТІаккха массо а халкъаш Цунна хьалха схьагуллур ду. Цо уьш, жаІуьно уьстагІий гезарех санна, дІасакъастор ду. УьстагІий Цо Шена аьтту агІор дохур ду, гезарий – аьрру агІор.
Выбор основного перевода