Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Сийначу дежийлашкахь жаш ду дежаш. ТогІешкахь ялта ду кхуьуш, даккхийдерца эшарш а лоькхуш. Дуккха а адамаш дайар хиллачу дийнахь, бІаьвнаш йохийна хІаллакйича, хІора лекхачу лома а, хІора боккхачу гунна а тІера хин татолаш охьахьодур ду. Якъубах Ас тІаьхье хуьлуьйтур ю, ЯхІудан тайпанах Сан лаьмнаш кхочунверг схьаволуьйтур ву Ас. Ас хаьржинчеран долахь хир бу уьш, Сан ялхой Іийр бу цигахь. Суна уллохь хилар лоьхуш долчу Сан халкъан дуьхьа уьстагІийн дежийла хир ю Шарон-аре, ткъа бежано садоІу меттиг хир ю Іахур-тогІи. Аса уьш дІалаьхкина болчу массо а мехкашкара Сайн дисина долу жа схьа а гулдийр ду, шайн дежийле юха а дерзор ду. Цигахь церан бераш хир ду, церан тІаьхье стам а лур ю. Кхин а ала цаьрга: „Хьалдолу Эла волчу Аса шу массо а къаьмнашкара схьагулдийр а ду, шу дІасадаржийначу мехкашкара юхадерзор а ду, ткъа Исраил-махкара латта шуна юха дІа а лур ду Аса“. Цундела ладогІа, Исраил-мехкан лаьмнаш, Хьалдолчу Элан даше. Цо боху лаьмнашка, гунашка, Іаннашка, тогІешка, йохийна лаьттачу меттигашка, иштта шуна гонах долчу кхечу къаьмнашна ижуна хиллачу а, церан кхардам хилла дІахІиттийначу а яьсса лаьттачу гІаланашка’. Ас шу кхечу къаьмнашна юкъара схьадохур ду. Ас шу массо а мехкашкара схьагулдийр а ду, шайн лаьтта шу юха а далор ду. ХІокху лаьтта тІехь, Исраил-махкарчу лаьмнашкахь, Ас уьш цхьа къам дина дІахІиттор бу. Царна массарна а тІехь паччахьалла деш цхьа паччахь хир ву. Уьш кхин лелар бац шина къоме бекъабелла а, шина пачхьалкхе бекъабелла а. Исраилан халкъах бисинчара харцонаш лелор яц. Цара харцдерг а дуьйцур дац, церан багара мекара дерг а дер дац. Дежаш а, дуьйшуш а долу уьстагІий санна, уьш бехаш хир бу, цхьаммо уьш кхерор а боцуш».
Выбор основного перевода