Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Беркате догІа доуьйтура Ахь, Дела, Хьайн долахь долу латта ницкъ боцуш дисича, иза юха а чІагІ а деш. Везачу Эло беркат лур ду, ткъа лаьтто шен стом кхиор бу. Цу дийнахь Везачу Эло кхиийначу зІийдаго хазалла а, сийлалла а лур ю. Лаьттан ялто дозалла а, сий а лур ду Исраилан халкъах дийна бисинчарна. «Дукха хан ю хьан дукъ ахь кагдина, тоххарехь хьан буржалш а хадийна. Ахьа бохура: „Хьуна муьтІахь хир вац со!“ Бакъду, муьлххачу а лекхачу гуна тІехь а, хІора луьста гаьннаш долчу диттана кІелахь а, кхахьпаллица кхечу деланашна Іибадат дора ахь. «И де тІекхаьчна, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло, – Аса Исраилан а, ЯхІудан а халкъийн кочара дукъ дохор ду, Аса шун буржалш а дІадохур ду. Кхечу къаьмнаша Сан къоме шайна кхин гІуллакх дойтур дац. Ас шун дитташ тІера стоьмаш а, кхаш тІера ялта а дебор ду, кхидолу къаьмнаш, мацалла хІоттар бахьана долуш, шух кхин ца кхардийта.
Выбор основного перевода