Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьуна ницкъ биначаьрга Ас шайн дилха доуьйтур ду. Шайн цІийно бахор бу уьш, чагІаро санна. ТІаккха массо а адамашна хуур ду Со Веза Эла а, хьо КІелхьарйоккхург а, мах баларца хьо ПаргІатйоккхург а, Якъубан Нуьцкъалниг а вуйла». «Оцу дийнахь, – боху Везачу Эло, – Ас астагІнаш схьагулбийр бу, генна дІасалаьхкинарш а, Айса бохам тІебаийтинарш а цхьаьнатухур бу. Исраилан махкара хІаллакьхила хьаьхна, тиладеллачу уьстагІашна тІе гІо, Цо цаьрга элира: «Исраилан тилабеллачу уьстагІашна бен гІо дан ваийтина вац Со». «Варелаш, цхьанна а цу лахара болчарна вас ма елаш. Аса тоьшалла до шуна, церан маликашна стигалахь волчу Сан Ден юьхь го аьлла. Бакъахьара лелачаьрга кхайкхам бан ца веана Со, къинош летийначаьрга метта а дуьйлий, Далла тІедерза ала веана». «Мила ву шух, шайн бІе уьстагІ юкъара цхьаъ байча, важа безткъе ткъайоьсна эрна арахь а битина, байнарг лохур боцуш, иза карабаллалц?
Выбор основного перевода