Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шайна тІехь Іу воцу дела, и уьстагІий дІасадаьржира, цул тІаьхьа уьш хІора экханан ижу хилла дІахІоьттира. „Дийна волчу Сайх чІагІо йо Ас, и Сан уьстагІий акхаройн ижу хилийта Іуналла ца деш аша дитарна а, уьш, тІехь Іу а воцуш, хІора аренгарчу экханан даар хилла дІахІиттарна а, ткъа Сан Іуша уьш схьа ца лахарна а, цара уьш, дажоран метта, шаьш дежаш леларна а, Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Со цу Іушна дуьхьалваьлла, Ас уьш Сайн жа бахьана долуш жоьпе озор бу. Ас уьш Сайн жа дажочуьра совцор бу. Цара шаьш кхидІа иза дажор дац. Ас Сайн жа церан мочхалех кІелхьардоккхур ду. Сан уьстагІий церан даар хилла кхин дІахІуьттур дац’“». «Аса хьуна, Сан жа, – боху Хьалдолчу Эло, – цхьана уьстагІний, вукху уьстагІний, иштта, коьмана а, божана а юкъахь еш, кхел йийр ю.
Выбор основного перевода