Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Уьш Іебар доцу а, сутара а жІаьлеш ду. Уьш кхетам боцу Іуй бу: массо а шен новкъа дІавирзина ву, хІора а шена пайда лоьхуш ву. Мехкан пайхамарш зуламечу ойланашца вовшахтийсало, шен ижу а цоьстуш, гІигІ деш долу лом санна. Цара дуккха а нах хІаллак а бо, цаьргара хьал а, жовхІарш а схьа а доху, уьш бахьана долуш бисина Іаш болу зударий махкахь алсамбуьйлуш бу. Мехкан куьйгалхой ижу дІасаийзош йолчу берзалойх тера бу. Нехан цІий а Іенош, уьш байъа а бойъуш, шайна са лоьху цара. Иштта боху сан Везачу Дала: «Дажаде урс хьакха кечдина долу уьстагІий. УьстагІий эцначара, дохко ца бовлуш, уьш дойу, ткъа уьш духкучара боху: „Декъала ву Веза Эла, со хьал долуш хилла!“ Церан-шайн Іушна а царах къа ца хета. ХІунда аьлча хІокху махка тІехь Іу дІахІотто воллу Со, леш долчу шен уьстагІийн дола деш воцург, дайнарш лоьхун воцург, лазийнарш тоден воцург, могуш долчарна кхача лун воцург, ткъа дерстинчеран жижиг а дууш, ур-атталла церан бергаш схьайохун верг.
Выбор основного перевода