Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ас хьо эхарте кхочуьйтур ю, ширачу заманашкара адамаш долчу. Ас хьо лаьттан буха охьайохуьйтур ю, даима долчу къапалгашна юкъахь, эхарте кхаьчначаьрца цхьаьна. Хьуна чохь кхин цкъа а адамаш дехар дац, иштта дийна болчеран дуьнен чохь хьан сийлалла гойтур а яц. Пийсакаш лелорхоша хьо генна хІорда юккъе дІайигнера, ткъа малхбалехьара схьахьоькхуш болчу мохо хьо хи буха яхийтира. Хьан хьал хи буха гІур ду, ахьа мах лелош мел дерг хин долахь хир ду. Хьоьца мел хилларш – хинкема дІадохуьйтуш берш а, цу тІера хинкеманна даьлла Іуьргаш дІадукъуш берш а, хьан совдегарш а, иштта хьан мел болу тІемалой а – уьш берриш а хи буха гІур бу. И хІума хьо йохочу дийнахь хир ду. ХІинца хьо хІордо хІаллакйина, хІорда буха а яхана, хьан адамаш а, дерриг а хьан хьал а хьоьца хи буха дахана›. И дитт охьадужуш хезна долу къаьмнаш, кхерадаларна, дегадайтира Аса, Ас иза, эхарте дІабаханчу вукхарна тІаьхьа, бух боцучу Іин чу дІахьажийча. ТІаккха хІинцале а лаьттан буха даханчу Іеданера массо а диттийн а, Ливанун-махкара уггар дика а, беркате а долчу, хи муьйлучу диттийн а дог Іебира оцунах. Иштта, Іеданерачу муьлхачу диттан нисдала йиш яра хьоьца, хьан сийлаллица а, лакхаллица а? Амма хІинца, вукху дитташца нийсса, хьо эхарте дІахьажийна, хьо сунтбаза болчаьрца а, иштта тІемашкахь хІаллакбина болчаьрца а цхьаьна Іуьллур ду. Иза хир ду пирІунна а, цуьнан дерриг а халкъана а». Иштта боху Хьалдолчу Эло. Цигахь къилбаседехьа хилла болу элий а, иштта адамашна кхерамаш туьйсуш болу цІаданхойн тІемалой а бу. Туьро хІаллакбиначаьрца цхьаьна уьш сунтбаза Іохкуш бу, шайн юьхьІаьржо лаьтта буха боьлхучаьрца цхьаьна дІаяхьа.
Выбор основного перевода