Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Уьш, цІенош а деш, царна чохь Іийр бу, кемсийн бошмаш а югІуш, церан стоьмаш бууш хир бу. Цо олалла дечу деношкахь ЯхІудан халкъ паргІат хир ду, ткъа Исраилан халкъ сашортехь Іийр ду. Цуьнан цІе иштта тиллина хир ю: „Тхуна нийсо лелош волу Веза Эла“. «ТІекхочур ду, – боху Везачу Эло, – охуш волчунна – оруш верг гун волу а, ткъа кемсаш хьуьйш верг уьш дІаюьйш волчунна тІаьхьа кхуьур воцу а токхе денош. Кемсийн мутта лаьмнех охьаІийдалур ду, массо а баьрзнех схьаоьхур ду иза. Ас Сайн халкъ йийсарера шен лаьтта тІе юхадерзор ду. Яссийначу гІаланашкахь гІишлош а йина, царна чохь баха охьаховшор бу уьш. Кемсийн бошмаш а йоьгІна, царах даьккхина мутта а муьйлур ду, бошмаш а кхиийна, царах бевлла стоьмаш а буур бу цара.
Выбор основного перевода