Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ас пирІунан дог чІагІдийр ду, тІаккха иза шуна тІаьхьавер ву. Ткъа Сайн сийлалла Ас пирІунехула а, цуьнан эскарехула а гойтур ю. ТІаккха мисархошна хуур ду Со Веза Эла вуйла». Везачу Эло ма-бохху дира исраилхоша. Аса пирІунна тІехь а, цуьнан гІудалкхашна тІехь а, цуьнан дошлойшна тІехь а Сайн сийлалла гайтича, тІаккха хуур ду мисархошна Со вуйла Веза Эла». Шаьш даьккхинчу ор чу эгна халкъаш, кІело еш, шаьш тийсинчу бойнех тасабелла церан когаш. ДІа а совций, Со Дела вуйла хаийша. Халкъаша а лакхавоккхур ву Со, лаьтта тІехь а лакхавоккхур ву Со. Шаьш дІасадаржийначу кхечу къаьмнаш юкъара Аса шу ара а даьхча, кхечу мехкашкара Аса шу схьа а гулдича, шу, хаза хьожа йогІу хІума санна, тІеоьцур ду Аса. Кхечу къаьмнашна хьалха шуьгахула дІагойтур ду Аса Со веза хилар. Цундела Хьалдолу Эла волчу Аса боху: „Со хьуна дуьхьалваьлла ву, Цора-гІала. Ас хьуна дуьхьалдоккхур ду дуккха а халкъаш. Уьш хьуна тІегІуртур ду, хІордан йистана тулгІенаш тІе-ма-гІорттара. Ткъа гІайренна дуьхьал хІордан йистехула лаьтташ болу цуьнан мехкарий туьро хІаллакбийр бу. ТІаккха царна хуур ду, Со Веза Эла вуйла“. Уьш цу тІехь цхьанххьара а кхерам боцуш бехар бу, цара цІенош а дийр ду, кемсийн бошмаш а югІур ю. Уьш кхерам боцуш Іийр бу, царна кхиссарш еш хиллачу, царна гонахарчу массо а къаьмнашна тІехь Ас кхел йича. ТІаккха хуур ду царна, Со церан Веза Дела вуйла». Хьо Сан Исраилан халкъана тІелата вогІур ву, хьо лаьтта тІехула дІаяьржина йолу Іаьржа марха санна хир ву. И хан тІекхаьчча, Ас хьо Сайн халкъана дуьхьал тІом бан валор ву, къаьмнашна Со вовзийтархьама, хьоьгахула Аса царна хьалха Сайн возалла гайтича’. Дерриг а халкъ хир ду уьш дІабухкуш, ткъа халкъана иза сийнна хир ду Ас Сайн сийлалла дІагойтуш долу и де». Иштта боху Хьалдолчу Эло.
Выбор основного перевода