Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Стигалара охьа ма воьжна хьо, Іуьйренан сирла седа! Дитт санна лаьттара ма хьаькхна хьо, хьалха халкъаш эшош хилларг! ДІаала хІорда йистехь схьаеанчу меттехь яха хиъначу цуьнга, хІордан йистехь дехаш долчу дуккха а къаьмнашца йохкаэцар лелош йолчу цуьнга: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Цора-гІала! Ахьа хьо кхоччуш хаза ю боху. Хьан дозанаш хІордан юккъе кхечира, хьо йинчара кхоччуш хаза хинкема санна йина. Хьан хазалла бахьана долуш куралла йоьссина хьан даг тІе, хьайн дозалла бахьана долуш хьекъалалла а хІаллакдина ахьа. И хІума бахьана долуш Ас хьо лаьттах тоьхна, паччахьашна хьалха хьо юьхьІаьржачу хІоттийна Ас. Ахьа дукхазза а къинош леторна а, ахьа харцахьа йохкаэцар лелорна а, хьайн еза меттигаш ахьа бехйина. Хьуна чуьра цІе схьаяьккхина Ас, цо хьо дІа а кхаьллина. Хьо, чим бина, дІахІоттийна Ас, хьоьга хьожуш мел волчунна хьалха.
Выбор основного перевода