Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иштта, Іеданерачу муьлхачу диттан нисдала йиш яра хьоьца, хьан сийлаллица а, лакхаллица а? Амма хІинца, вукху дитташца нийсса, хьо эхарте дІахьажийна, хьо сунтбаза болчаьрца а, иштта тІемашкахь хІаллакбина болчаьрца а цхьаьна Іуьллур ду. Иза хир ду пирІунна а, цуьнан дерриг а халкъана а». Иштта боху Хьалдолчу Эло. ДІаала цаьрга: „Шу хьанал гІолехь ду? ДІагІо цига, сунтбаза болчарна уллохь охьадийша“. Оцу эхартан юккъера турпалхойх уггар доьналла долуш болчара Мисар-махкана а, цуьнан бартхошна а эр ду: „Сунтбаза болу уьш, туьро хІаллакбина, охьа а бехкина, Іохкуш бу цигахь“. ХІаллакбина Іохкучарна юкъахь Іейламана а, цуьнан эскарна а мотт биллинера. Царна гонах Іохкуш хІаллакбинарш бара, уьш берриш а сунтбаза а бара, туьро хІаллакбина а бара. Шаьш дийна болчу хенахь цара дерриг а адамаш кхерамца Іадийнехь а, хІинца цара ерриг а шайн юьхьІаьржо лаьтта буха богІучаьрца цхьаьна яхьа. ХІаллакбиначарна юкъахь охьабехкина бу уьш. Уьш байъинчу ширачу заманахь лаьтта бухахь Іохкуш бац. ХІорш шайн герзаца дІабоьхкина, церан тарраш церан гІовлангахь Іохкуш ду, ткъа церан турсаш церан даьІахкашна тІехь дисина. Цара шаьш дийна болчу хенахь массо а адамаш кхерамца Іадийнера.
Выбор основного перевода