Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІунда аьлча Со шун Веза Дела ву. Суна хьалха шаьш дІакъастаделаш, иштта цІена хилалаш, хІунда аьлча Со а цІена ву. Лаьттахула текхачу боьхачу хІуманашка шаьш бех ма дайта. Везачу Эло кхечу къаьмнех болчу нахана байракх хьалаойур ю, шайн махкара дІалаьхкина исраилхой схьагулбийр бу, Ша дІасабаржийна яхІудхой дуьненан еа а маьІІера схьакхойкхур бу. Мелхо а Исраилан халкъ къилбаседехьарачу махкара а, массо а Ша уьш дІабахийтина долчу латтанашкара а юхадерзийначу дийна волчу Везачу Элах чІагІо йийр ю цара. Оцу хенахь и халкъ шен лаьтта тІехь дехар ду». Бавелан паччахьан дукъ тІе а эцна, цунна гІуллакх деш сецна муьлхха а къам Аса шен лаьтта тІехь дуьтур ду. Иза, шен лаьтта тІехь гІуллакх а деш, цу тІехь дехар ду’, – боху Везачу Эло“». Сайн оьгІазаллица а, дераллица а, йоккхачу моханца а уьш дІалаьхкина болчу массо а мехкашна юкъара Аса билггал юхадерзор ду Сайн халкъ. Аса уьш хІокху метте юхаберзор бу, сашортехь Іайтархьама. Кхин а ала цаьрга: „Хьалдолу Эла волчу Аса шу массо а къаьмнашкара схьагулдийр а ду, шу дІасадаржийначу мехкашкара юхадерзор а ду, ткъа Исраил-махкара латта шуна юха дІа а лур ду Аса“. Шаьш дІасадаржийначу кхечу къаьмнаш юкъара Аса шу ара а даьхча, кхечу мехкашкара Аса шу схьа а гулдича, шу, хаза хьожа йогІу хІума санна, тІеоьцур ду Аса. Кхечу къаьмнашна хьалха шуьгахула дІагойтур ду Аса Со веза хилар. Уьш Аса Сайн ялхо волчу Якъубана делла долчу лаьтта тІехь баха ховшур бу. Цу лаьтта тІехь церан дай а баьхна, цигахь уьш а, церан бераш а, берийн бераш а дехар ду массо а хенахь, ткъа Сан ялхо волу Дауд церан эла хир ву массо а хенахь.
Выбор основного перевода