Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
„ХІаллакьхилла тхан мостагІий, ткъа царах диснарг цІаро хІаллакдина“. Къилбанан хьуьне дІаала: „ЛадогІа Везачу Элера долчу даше. Хьалдолчу Эло боху: ‘Хьох цІе лато воллу Со, ткъа оцу цІеро хьан дерриг а дитташ – къона я декъа уьш делахь а – дІакхоллур ду. Латийна алу йовр яц, ткъа хІорра а къилбехьара дуьйна къилбаседе кхаччалц морцур ву. Айхьа леладо шуьйрра йохкаэцар бахьана долуш, хьо къизаллех а вуьзна, ахьа хьайх къинош а летийна. Ас хьо боьха хІума санна, Везачу Элан лома тІера чукхоьссина. Ас дІалаьллина хьо лардеш хилла долу каруб-малик, цІе санна, лепаш долчу тІулгашна юккъера дІалаьллина Ас хьо. Иштта боху Везачу Эло: «Цора-гІалин бахархоша юх-юха деш долу зуламаш бекхам ца беш дуьтур дац Ас, хІунда аьлча цара дийнна яртийн бахархой йийсаре Эдомана дІабеллера, царна дага ца беара исраилхошца бина вежараллин барт. Цора-гІалин пенашна тІе а хьажор ю Ас цІе, цо хІаллакйийр ю цуьнан гІепаш». Іесанаш аша хьоьшур бу, Ас бекхам бечу дийнахь шун когаш кІел уьш чан санна хир болу дела», – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. Цундела цхьана дийнахь богІур бу цунна тІе цуьнан баланаш: ялар а, гІайгІане хилар а, мацалла а. И гІала цІергахь йогур ю, хІунда аьлча ницкъ болуш ву цунна кхел йо Веза Дела».
Выбор основного перевода