Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ша ницкъ а болуш дІахІоьттича, Іузи-ЯхІун дог шена бохамна кураделира. Шен Везачу Далла дуьхьал къа латийра цо, хІунда аьлча иза ша чувелира Везачу Элан цІа чу, цу чохь хаза хьожа йогІу хІума ягорхьама. Мисархой адамаш бен дац, уьш деланаш бац. Церан говраш дилха бен дац, уьш гІаларташ дац. Везачу Эло Шен куьг дІахьажийча, гІо доккхург тасалур ву, ткъа гІо тІелаьцнарг вужур ву. Уьш ший а хІаллакьхир ву. Ахьа духкуш мел дерг Таршаш-гІаларчу хІордкеманашца схьакхоьхьуш дара. Хьо киранах дуьзна хинкема санна яра, хІордана юкъахь нисъелла. Пийсакаш лелорхоша хьо генна хІорда юккъе дІайигнера, ткъа малхбалехьара схьахьоькхуш болчу мохо хьо хи буха яхийтира. Хьан хьал хи буха гІур ду, ахьа мах лелош мел дерг хин долахь хир ду. Хьоьца мел хилларш – хинкема дІадохуьйтуш берш а, цу тІера хинкеманна даьлла Іуьргаш дІадукъуш берш а, хьан совдегарш а, иштта хьан мел болу тІемалой а – уьш берриш а хи буха гІур бу. И хІума хьо йохочу дийнахь хир ду. Цундела иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Хьуна Делан санна хьайн хьекъалалла ду моттар бахьана долуш, Наха маьхьарий хьаькхира: «Иза Делан аз ду, адаман аз дац!» – аьлла. Хьолана юкъа а яхана, шен сийлалла хьала а даьккхина, иза Іийна хиларе терра, аша а оццул баланехь а, гІайгІанехь а хилийта иза. ХІунда аьлча цо шен дагахь боху: „Со паччахь хилла Іаш ю. Со йисина Іаш ерг яц. Со цкъа а хир яц гІайгІане!“
Выбор основного перевода