Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьалдолчу Эло иштта боху: „Ас Цора-гІалина дуьхьалваккха къилбаседехьара Бавелан паччахь волу Набухди-Нецар схьавалор ву. Иза паччахьийн паччахь ву. Иза дуккха а адамийн эскарца а, говрашца а, гІудалкхашца а, дошлошца а схьавогІур ву. Хьан хазалла бахьана долуш куралла йоьссина хьан даг тІе, хьайн дозалла бахьана долуш хьекъалалла а хІаллакдина ахьа. И хІума бахьана долуш Ас хьо лаьттах тоьхна, паччахьашна хьалха хьо юьхьІаьржачу хІоттийна Ас. Иза ша а, кхечу къаьмнашна юкъара уггар а къиза долу цуьнан эскар а Ас Мисар-махкана тІе хьажор ду, и латта хІаллакдайтархьама. Цара шайн тарраш хьала а даьхна, дерриг а латта декъех хьаладузур ду. Уггаре къизачу кхечу къаьмнаша иза, хада а дина, дІатесира. Цуьнан гаьннаш лаьмнаш тІе а, тогІеш тІе а охьаэгна. Кегдина долу цуьнан кегий гаьннаш массо а боьранашна чуэгнера, дерриг а къаьмнаш, иза ша долчохь а дитина, цуьнан ІиндагІера дІадаханера. Цуьнан эскархойн таррашца Ас хьоьца болу нах хІаллакбойтур бу. И эскархой къаьмнийн уггаре а къизачу халкъах схьабевлла бу, цара Мисар-мехкан куралла йойур а ю, цуьнан мел долу халкъ хІаллак а дийр ду.
Выбор основного перевода