Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа нагахь санна аша шайна юкъара цу мехкан бахархой дІа ца лелхабахь, царах шуна юкъахь бисинарш шун бІаьргашна кІохцалан коьллаш а, шун агІонаш тІе Іиттало мехий а санна хир бу. Цара шу дехаш долу латта гаттадийр ду шуна. хаалаш: шун Везачу Дала дІалохкур дац и халкъаш шу долчуьра. Ткъа уьш шуна гур а, ор а, пІендаршна тІе шед а, бІаьргашна чу баІ а хилла дІахІуьттур ду. Эххар а шу тІепаза довр ду шун Везачу Дала шайна деллачу исбаьхьчу кху лаьтта тІера. Коканийн метта, зоьзан дитт хьаладер ду. КІохцалийн метта, миртан дитт хьалагІур ду. И дерриг а хир ду Веза Эла дагаваийтарна а, гуттаренна йолчу а, дІаер йоцучу а билгалонна а». Хьо кураллех юьзначу хенахь, хьан вон лелар массарна а дІахаале, хьайн йиша йолу Седам хьан багахь беламе дош ца хилира те? Ткъа хІинца хьох кхаьрдаш бу арамхойн а, пІелаштамхойн а зударий а, царна гонах хьох ца бешаш берш а. Хьалдолчу Эло боху: ‘Ярушалайм хІаллакьхилар бахьана долуш тІараш детташ, когаш бетташ, Исраил-махках даггара кхаьрдаш, шу сакъералуш хиларна, Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Сайн карзахдаьллачу эмгараллехь Ас элира кхечу къаьмнашна а, Эдомна а дуьхьал, хІунда аьлча цара, шайн дагахь са а къералуш, кхарда а кхаьрдаш, Сан латта шайна дола даккхархьама дІаэцна, цуьнан дежийлаш шайна ижу санна хилийтархьама’“.
Выбор основного перевода