Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу веа а къонахчунна массо а тайпана тептарех кхетар а, Іилма хаар а, хьекъал а делира Дала. Ткъа Даниална, цул совнаха, гина гІенаш а, самах дуьхьалхІуьтту суьрташ а тида хаар делира. Шеца безачу деланийн са долуш цхьа къонах ву хьан пачхьалкхехь. Деланашкара долуш санна, серло, хьекъал, хьекъалалла цуьнгахь карийнера, хьан дас олалла динчу хенахь. ХІетахь хьан дас Набухди-Нецар-паччахьо и къонах, бозбунчашна а, эвлаяашна а, седа-жайна хьовсучарна а, палтуьйсучарна а тІехь коьртаниг а вина, дІахІоттийнера. И динера хьан дас ша паччахь волуш, Цуьнан бІаьрг иштта бу Дамасакх-гІалина уллохь болчу Хьамат-махкана тІехь а, хьекъалалла сов долуш йолчу Цора а, ЦІадан а гІаланашна тІехь а. Цора-гІалин бахархоша шайн гІалина гобаьккхина чІагІонаш йина. Цара дети гулдина, чан санна, арара хатт санна, деши а гулдина. Муьлххачу а хьекъал-кхетам оьшучу гІуллакхехь а, паччахьо хІуъа хаттар дича а, цунна карабора уьш уьттазза алсам хууш шен пачхьалкхера мел болчу бозбунчел а, эвлаяэл а. ТІаьххьара а безачу деланийн са шеца долу, Бел-Ташацар цІе йолу Даниал веара суна тІе. (И цІе сан делан цІарах схьаяьлла ю.) Цуьнга дІадийцира аса сайн гІан:
Выбор основного перевода