Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Са бІарз а делла, ЯхІушаптис сацам бира Везачу Элах дагавала. Берриге а ЯхІуд-махкахь марха кхаба дезар дІахьедира цо халкъе. «Ваха а гІой, Шушан-гІалахь мел волу жуьгтий вовшах а тохий, суна тІера марха кхаба. Кхаа дийнаххьий, кхаа бусий ца молуш, ца дууш хан яккха. Со а, сан ялхой а хир бу, шу санна, марха кхобуш. Цул тІаьхьа со паччахь волчу гІур ю, иза Іедална дуьхьал делахь а. Нагахь со яла езахь, со лийр ю». ТІаккха тийшира Делах Нунав-гІалин бахархой. Цара кхайкхийра марха кхабар. Воккхачо а, жимачо а вон тІедеача юхуш йолу бедарш тІеюьйхира.
Выбор основного перевода