Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иза шайна дІахезча, яхІудхойн тхьамданаш, паччахьан цІа чуьра ара а бевлла, Везачу Элан цІа долчу баьхкира. Везачу Элан цІийнан керта тІе вогІучохь лаьтташ долчу Керлачу кевнна уллора шайн меттигаш дІалецира цара. Амма Шапанин кІант Ахьикхам Ярми-ЯхІуна тІехІоьттира, цундела иза халкъан кара дІа ца велира, цаьрга ца вейтархьама. Ярми-ЯхІу новкъа валале, Набузар-Адана кхин а элира: «Я хьайна лаахь, Шапанин кІентан Ахьикхаман кІант Гадал-ЯхІу волчу гІо, Бавелан паччахьо массо а ЯхІуд-махкарчу гІаланашна тІехь хьаькам хІоттийна волчу. Хьайн халкъана юкъахь цуьнца саца мегар ду хьуна. Я хьайна луъучу метте дІагІо». Ярми-ЯхІуна яа хІума а, совгІаташ а дІа а делла, Набузар-Адана иза аравалийтира.
Выбор основного перевода