Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха йозанчо Шапанис элира: «Динан дас Хьалкхи-ЯхІус тептар делла соьга». Шапанис и тептар паччахьна хьалха дийшира. Паччахьо ЯхІуди вахийтира, и тептар схьада аьлла. Паччахьан йозанча волчу Эли-ШамаІера и тептар схьа а эцна, ЯхІудис иза схьадеара. Цо, паччахьна а, цунна уллохь лаьтташ болчу массо а баьччанашна а хозуьйтуш, иза дІадийшира.
Выбор основного перевода