Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Ярми-ЯхІус Нери-ЯхІун кІант Барух схьакхайкхира. Везачу Эло шега мел аьлла дешнаш Ярми-ЯхІус дІа а олуш, Баруха уьш хьарчийначу тептар тІе дІаяздора. Баруха цаьрга элира: «Цо шен багахула хІара дешнаш схьааьлча, аса уьш шекъанца хІокху хьарчийначу тептар тІе дІаяздина». ЯхІудис хьарчийначу тептар тІехь яздинчух кхо-биъ бІогІам дІа мосазза боьшу а, паччахьо цо дІадешнарг, жимачу уьрсаца схьа а хададой, цІерга кхуссура. Цо иштта дира, и дерриг а тептар цІергахь дагийна дІадаллалц.
Выбор основного перевода