Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЯхІу-Якхама паччахьалла дечу хенахь, Бавел-мехкан паччахь волу Набухди-Нецар ЯхІуд-махкана тІегІоьртира. Кхаа шарахь Іийра ЯхІу-Якхам-паччахь Набухди-Нецаран олаллина кІел. ТІаккха ЯхІу-Якхам-паччахь Набухди-Нецарна дуьхьалвелира. ЯхІудхойн паччахь волу Юши-ЯхІун кІант ЯхІу-Якхам паччахьаллехь волчу доьалгІачу шарахь Везачу Элера ЯхІудан дерриге а халкъах лаьцна болу хаам кхечира Ярми-ЯхІуга. (Иза Набухди-Нецар Бавел-махкахь паччахь дІахІоьттина хьалхара шо дара.) «ЯхІудхойн паччахьо Аминан кІант Юши-ЯхІус паччахьалла до кхойтталгІачу шарахь дуьйна таханлера де тІекхаччалц – ткъе кхаа шарахь – соьга Везачу Элера хаамаш кхочура. Аса шуьга юх-юха а и хаамаш дІакхайкхабора, амма аша ла ца дугІура Соьга. Юши-ЯхІун кІант волчу а, яхІудхойн паччахь волчу а ЯхІу-Якхама олалла дечу доьалгІачу шарахь Ярми-ЯхІу-пайхамаро олу дешнаш Нери-ЯхІун кІант Барух тептар тІехь дІаяздеш вара. Оцу хенахь Ярми-ЯхІу Барухе вистхилира:
Выбор основного перевода