Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло соьга элира: «ДІаала паччахье а, паччахьан нене а, шайн паччахьан гІанташна тІера охьабисса, хІунда аьлча церан кортошна тІера сийлаллин таьжнаш охьаэгна. Я паччахь а, я цуьнан берриг ялхой а, цу тептар тІера дешнаш шайна хезча, кхера а ца белира, цара шайна тІера бедарш а ца этІийра. Бетал-гІалин динан да волчу Амци-ЯхІус исраилхойн паччахьна ЯрбаІамна тІе нах бахийтира хІара дІаала: «Исраилхошна юкъахь а волуш, Іамос, барт а бина, хьуна дуьхьалволуш ву. Лаьтте а ца лало цо мел дуьйцург. ХІунда аьлча Іамоса иштта боху: „ЯрбаІам туьрах хІаллакьхир ву, ткъа исраилхой, шайн лаьтта тІера схьа а баьхна, йийсаре буьгур бу“». ПахІала бакъдолчух а, юхаозаваларх а, хин йолчу Делан кхелах а лаьцна дийцича, Пелакъа, кхера а велла, элира: «ХІинца дІагІо, юхахула ас схьакхойкхур ву хьо».
Выбор основного перевода