Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шен бедарш а этІийна, Везачу Элан тІорказна хьалха бертал а воьжна, сарралц Іиллира ЮшаІ. Цо а, исраилхойн къаноша а шайн кортош тІе чан юхкура, шаьш баланехь хилар гойтуш. Шена и хабар ма-хеззи, шен тІехулара бедарш а этІийна, сингаттаман духар тІе а дуьйхина, Везачу Элан цІа долчу вахара Хьузакх-ЯхІу. Паччахьан цІийнан хьаькам Элъякъим а, йозанча Шибна а, динан дайн тхьамданаш а, сингаттаман духарш тІе а духийтина, Амосан кІантана ЕшаІ-ЯхІу-пайхамарна тІебахийтира цо. Товрат-хьехамийн тептар тІера дешнаш шена дІахезча, паччахьо шен тІехулара бедар этІийра. ТІаккха паччахьан цІийнан хьаькам волчу Хьалкхи-ЯхІун кІанта Элъякъима а, йозанчо Шибнас а, хилларг дІаяздеш волчу Асайпан кІанта Юахьис а, шайн тІехулара бедарш а этІийна, Хьузакх-ЯхІуна тІе а баьхкина, ашурхойн эскаран хьаькамо шайга аьлларг дІадийцира. Шена и хабар ма-хеззи, шен тІехулара бедарш а этІийна, сингаттаман духар тІе а дуьйхина, Везачу Элан цІа долчу вахара Хьузакх-ЯхІу.
Выбор основного перевода