Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
(ХІокху гІалина а, махкана а дуьхьал Везачу Элан цІарах, Ярми-ЯхІус ма-аллара, Делера болу хаамаш беш кхин цхьа стаг вара. Иза Кхиръят-ЯІариман вахархо волу ШамІа-ЯхІун кІант УръяхІу вара. ЯхІу-Якхамна а, цуьнан мел болчу тІеман хьаькамашна а, цуьнан тхьамданашна а оцу пайхамаран дешнаш дІахезча, паччахьна иза вейта лиира. И хІума шена хиъча, УръяхІу, кхера а велла, ведда Мисар-махка дІавахара. Амма ЯхІу-Якхам-паччахьо, Мисар-махка Іахбаран кІант Эли-Ната а, цуьнца кхин а нах а бахийтина, цигара УръяхІу схьавалавайтира. ТІаккха ЯхІу-Якхам-паччахьо, иза тур тоьхна вен а вейтина, цуьнан дакъа къечу нехан кешнаш долчохь охьакхоссийтира.) Амма Шапанин кІант Ахьикхам Ярми-ЯхІуна тІехІоьттира, цундела иза халкъан кара дІа ца велира, цаьрга ца вейтархьама. Паччахьо шен кІанте Ярахьмиале а, Іазриалан кІанте Сари-ЯхІуга а, Іабдиалан кІанте Шалам-ЯхІуга а омра дира, йозанча волу Барух а, Ярми-ЯхІу-пайхамар а схьалаца аьлла, амма Везачу Эло и шиъ къайлаваьккхинера.
Выбор основного перевода