Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Аса иза Махьси-ЯхІун кІентан Нери-ЯхІун кІанте Барухе дІаделира, сайн ден вешин кІантана Хьанамиалана а, цу кехат кІел куьг яздина болчу тешашна а, гІаролхойн кертахь охьахиъна Іаш мел болчу яхІудхошна а хьалха. ТІаккха мехкан баьччанаша Барух волчу Хушин кІант волчу Шалам-ЯхІун кІентан Натан-ЯхІун кІант ЯхІуди вахийтира цуьнга иштта вистхила: «Халкъана хьалха дІадешна долу тептар схьа а эций, соьца схьавола», – аьлла. Нери-ЯхІун кІант Барух, и тептар схьа а эцна, уьш болчу схьавеара. Баруха цаьрга элира: «Цо шен багахула хІара дешнаш схьааьлча, аса уьш шекъанца хІокху хьарчийначу тептар тІе дІаяздина». Юши-ЯхІун кІант волчу а, яхІудхойн паччахь волчу а ЯхІу-Якхама олалла дечу доьалгІачу шарахь Ярми-ЯхІу-пайхамаро олу дешнаш Нери-ЯхІун кІант Барух тептар тІехь дІаяздеш вара. Оцу хенахь Ярми-ЯхІу Барухе вистхилира: ТІаккха суна сайга схьакховдийна долу куьг гира, цу куьйгахь хьарчийна тептар дара.
Выбор основного перевода