Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Эли-ЯхІу-пайхамаро динчух лаьцна а, цо БаІалан массо а пайхамарш тур хьаькхна байарх лаьцна а – дерриг а Изабале дІадийцира Ахьаб-паччахьо. Изабала Эли-ЯхІуна тІе геланча вахийтира, цуьнга дІаала: «Деланаша, шайн лааме хьаьвссина, луьра таІзар дойла суна, нагахь аса, кхана хІара хан тІекхачале, оцу пайхамарех хІоранна а диннарг хьуна а ца дахь». Кхера а велла, Эли-ЯхІу цигара дІавахара, шен са кІелхьардаккхархьама. ЯхІуд-махкахь йолчу Беар-ШабаІ-гІала а вахана, Эли-ЯхІус шен ялхо цигахь витира. Цхьана дийнахь некъ баллал юкъ йолчу яьссачу аренга веара Эли-ЯхІу. Схьавеана, жолам-куллана кІел охьа а хиъна, шена валар а доьхуш, цо элира: «ХІинца тоьар дара-кх, Веза Эла. ДІаэцахьа сан са, хІунда аьлча со сайн дайл хІумма а тоьлуш вац». ДІа а вижина, оцу кулла кІелахь наб кхийтира Эли-ЯхІуна. ТІаккха деанчу малико, цунах хьакха а делла, элира цуьнга: «Хьала а гІаттий, хІума яа». Эли-ЯхІу дІахьаьжча, цунна шен коьртехь Іуьллучу тІулга тІехь беттина хьокхам а, чохь хи долу кхаба а гира. Бепиг а диъна, хи а мелла, юха а наб кхийтира цунна. Везачу Элан Малик шолгІа а тІедеара Эли-ЯхІуна. Цунах хьакха а делла, Малико элира: «Хьала а гІаттий, хІума яа, хІунда аьлча бехха некъ бу хьуна хьалха». Эли-ЯхІус, хьала а гІаьттина, хІума а йиира, хи а мелира. Шена тІедеанчу гІоранца Эли-ЯхІус шовзткъа дийнахь а, буса а некъ бира, Хьариб цІе йолчу Делан ломана тІекхаччалц. Оцу нахана хьалха Аса хьо мокхазан берд санна вийр ву. Уьш хьуна дуьхьал бевр бу, амма хьо цаьрга эшалур вац, хІунда аьлча Со хьоьца ву, хьо паргІатваккха а, кІелхьарваккха а. – боху Везачу Эло. – Аса кІелхьарвоккхур ву хьо вочу нехан карара а, иштта паргІатвер ву хьо къизачу нехан карара а». Юши-ЯхІун кІант волчу а, яхІудхойн паччахь волчу а ЯхІу-Якхама олалла дечу доьалгІачу шарахь Ярми-ЯхІу-пайхамаро олу дешнаш Нери-ЯхІун кІант Барух тептар тІехь дІаяздеш вара. Оцу хенахь Ярми-ЯхІу Барухе вистхилира: «ХІара боху хьоьга, Барух, Исраилан халкъан Везачу Дала: „Ахь боху: ‘Маржа-яІ! Везачу Эло сан деган лазамна тІе гІайгІа тоьхна. Аса дечу узарша гІелвина со, ткъа суна синтем бац’.
Выбор основного перевода