Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Іесачо шен некъ буьтийла, ткъа къинош летийначо – шен ойланаш. Везачу Элана тІевоьрзийла иза – Цо цунах къинхетам бийр бу – Вайн Далла тІе, хІунда аьлча Цо комаьршаллица нахана гечдийр ду. амма и къам ша лелийначу вонах дІадерзахь, тІаккха Аса, дохко а ваьлла, Айса царна лерина бохам бийр бац. Шайга бохучуьнга ла а доьгІна, шаьш лелаш болчу вочу некъа тІера дІаберза мегара уьш. ТІаккха Аса, дохко а ваьлла, цара лелийначу вочунна Айса бан лерина болу бохам царна бийр бацара. Цара Везачу Эле шайн дехарш дан ма мега, уьш шайн вочу новкъах дІабовла ма мега, хІунда аьлча Везачу Эло оцу къомана дІакхайкхийна оьгІазалла а, дералла а чІогІа йоккха ю». Ткъа ахьа, адаман кІант, хьо йийсаре дІавуьгуш волчуха ларча кечъе, ткъа дийнахь, массарна а гучу хенахь, новкъа валий, хьайн меттера кхечу метте дІагІо. ТІаккха кхета а мега уьш. Делахь а иза аьрха къам ду. «Массо адамаша вон тІедеача юхуш йолу бедарш тІеюха. Даьхнина тІе хІуманаш таса. Массара а шийлачу маьхьаршца Деле а кхайкха. ХІораммо Далла тІеверзархьама, шен зуламе некъ а бита, шайн куьйгашца кхечарна гІело а ма е», – аьлла. „царна, хьоьжжушехь, хІумма а ца гайтархьама, хеззашехь, уьш ца кхетийтархьама, кхечу тайпана хилча, уьш Суна тІебоьрзур бара, ткъа Ас гечдийр дара царна“». ХІинца, шаьш лелийначунна дохко а довлий, Далла тІедерза, шайн къинош дІадахийтархьама.
Выбор основного перевода